РЕГИОНАЛЬНЫЙ ЭТНОГРАФИЧЕСКИЙ ДИКТАНТ «БЕЗА, БОВЗА НЕНАН МОТТ!».

Чиллин беттан йалхитталг1ачу дийнахь Гезлой-Эвларчу лоьмар 1 йолу йуккъерчу ишколехь д1айаьхьира «Беза, бовза Ненан мотт» ц1е йолу региональни этнографически диктант. Дакъалоцуш бара 9-11 классашкара дешархой, нохчийн меттан хьехархой.
Нохчийн мотт уггар сийлахь йоккха хазна хилар, цо 1аламат йоккха меттиг д1алоцуш хилар билгалдаьккхира. Ненан мотт хааро дуьненах болу кхетам кхиош хилар, цунах лаьцна долу хаарш шордар. Мотт адамашна йукъахь уьйр латтош болу г1ирс хилар, ненан матте болу безам кхиор.